«Хандешан-предложенин меже хилар»
план-конспект занятия (4 класс)

1алашо: Хандешан   маь1на  ,  кхин  д1а  хаттарш  довзийтар. Къамелехь хандашо  х1ун  г1уллакх до хаийтар.Хандош предложенехь сказуеми  хилар хаийтар.

Билгалбаьхна  кхиамаш: берашна  девзар ду  хандешнаш, церан маь1на , хаттарш. Берашна  хуур ду  предложенехь хандешнаш каро, царна  хаттарш х1итто. Берашна  1емар ду  хандешнаша лело г1уллакх  билгалдакха.Берашна  хуур ду  хандош предложенехь сказуеми хилар. Берашна  1емар  ду  учебникаца  болх бан, оьшург каро,  цунах  пайдаэца.

 

Скачать:

ВложениеРазмер
Файл урок17.54 КБ

Предварительный просмотр:

Тема : «Хандешан-предложенин меже хилар»

1алашо: Хандешан маь1на , кхин д1а хаттарш довзийтар. Къамелехь хандашо х1ун г1уллакх до хаийтар.Хандош предложенехь сказуеми хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду хандешнаш, церан маь1на , хаттарш. Берашна хуур ду предложенехь хандешнаш каро, царна хаттарш х1итто. Берашна 1емар ду хандешнаша лело г1уллакх билгалдакха.Берашна хуур ду хандош предложенехь сказуеми хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 320 , аг1о 149. Бакъо 148 аг1он т1ера.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1умунан дар я хилар гойту

Къамелан дакъа ду со

Х1ун дина? дийр ду? я до?

Хаттаршна жоьпаш ло …ХАНДОШ

-Д1аеша стихотворении. Стенах лаьцна ю иза? (Хандешах)

-Хандешна муьлха билгалонаш ю цу т1ехь ялийна? (Дар гойту, х1ун дина? х1ун дийр ду? х1ун до? хаттаршна жоьпаш ло)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Хандош предложенин меже хилар таллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Бераш школе даьхкина. Бераша школехь доьшу.

-Д1аеша предложенеш. Стенах лаьцна ю хьалхара предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Берах)

-Х1ун боху берах лаьцна? (Даьхкина)

-Хаттар ло цу дашна. (Х1ун дина ? даьхкина)

-Иза муьлха меже хир ю? (Сказуеми)

-Муьлха къамелан дакъа ду иза? (Хандош)

-Хандош предложенин муьлха меже хир ю? (Сказуеми)

-Школе баьхкина муьлш? (Бераш)

-И муьлха меже хир ю? (Подлежащи)

(Иштта талла важа предложении)

-Предложенехь муьлха меже хуьлу ? (Сказуеми? )

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 149 аг1он т1ера бакъо.

-Х1ун эр дара аша хандешан предложенин меже хиларх?

б) Предложенеш меженашца таллар.

Шардар № 321 , аг1о 149-150.

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Берех)

-Х1ун дира бераша? (Дахара)

-Иза муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Дахара муьлш? (Бераш)

-Иза муьлха меже ю? (Подлежащи)

-Муьлха дош диси вайн? (Хьуьнах)

-Муьлха дашца уьйр ю цуьнан? (Хьуьнах дахара-дахара дашца уьйр ю)

-Дахара стенга? (Хьуьнах)

-Хьуьнах дош муьлха меже хир ю? (Коьртаза)

(Предложенеш толлу еригге)

в)Къасторан хаьркех болу хаамаш т1еч1аг1бар.

Шардар № 322, аг1о 150.

-Муьлха элп дуьллу т1адамийн метана? (Ъ)

-Маца яздо Ъ?

-Муьлха хандешнаш ду цу предложенешкахь? Билгалдохуш д1аязъе.

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар

Шардар № 323 , аг1о 150.

аь)Хандешнашца предложенеш т1еюзар.

Шардар № 324 , аг1о 151.

-Д1аеша хьалхара предложении. Лахарчу дешнех муьлханиг яздийр дара аша т1адамийн метана? (1аьржа мархаш къайлаевлира)

-Х1ун болгалйо КЪАЙЛАЕВЛИРА дашо? (дар)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Х1ун дира?)

(Иштта талла важа меженаш)

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Предложенин муьлха меже хуьлу хандош?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 325 , аг1о 151.