25 апрель-Нохчийнметтан де. «Ларбемотт, хазбе и…»
методическая разработка (8 класс) на тему

Селимсултанова Петимат Боршиковна

25 апрель-Нохчийнметтан де. «Ларбемотт, хазбе и…»

Скачать:

ВложениеРазмер
Файл 25_aprel_-_nohchiyn_mettan_de.docx27.5 КБ

Предварительный просмотр:

 25 апрель-Нохчийн меттан де. «Ларбе мотт, хазбе и…»

Вед. 1  Де дика хуьлда, дешархой, хьехархой, дай-наной.

Вед. 2 Маршалла ду шуьга массаьрга а, х1окху дезчу дийне - Нохчийн меттан дийне  гулбеллачаьрга. Х1инца вай дош лур ду школа куь1галхочунга Кайсаров Умар Алаудиновиче.

Вед. 1 Дезденош тайп-тайпана ду: хьехархойн, лоьрийн, студентийн иштта д1а кхин а. Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан Де?

Вед. 2 Нохчийн мотт буьйцуш а, 1амош а и бийца лууш волчу х1ораннан а. Делахь х1ета, массо а къоман.

Вед. 1 Къоман угаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан иэс, амал, г1иллакхаш. Къомо шен мотт хьалаайбар- цо шен синкхетам самабакхар ду.

Вед. 2 НР куьгалхочо Р. А. Кадыровс шен Указаца «Нохчийн меттан Де», аьлла  д1акхайкхийна ду  апрель беттан 25-г1а де.

Вед. 1 Тахана вай х1окху дезчу денца декъал дан баьхкина дешархой. Ладог1ий вай цаьрга?!

Вед. 2     Стихотворени «Ненан мотт» д1айоьшу  Давдаева Хедас.

Вед. 1    Вай сцени т1е кхойкху мехкарийн тобане.

Вед. 2   Ткъа х1инца хелхарца вай самукъа доккхур ду Мехкарийн хелхаран тобано.

Вед. 1 1илманчаша дерриге а дуьненахь, кхо эзар сов къаьмнийн мотт лору. Нохчийн мотт – нохчийн къоман халкъан мотт бу. 19-чу б1ешерашкахь ваьхначу Кавказан этногрофа Петр Карлович  Услара нохчийн матах  лаьцна кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьанна а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт шен г1оьнца адаман ойланаш – уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу»

Вед. 2 Дукха а чолхе хан-зама еана вайна нохчийн мотт к1орггера бийца йиш йоцуш. Даймахке, нене, ненан матте болу безам, оьзда г1иллакхаш ма хетта далхо йиш йоцуш. Делахь а, чолхе замане ца хьоьжуш доьналла тоьъна вайн г1араваьллачу поэтана  Арсанукаев Шайхина  ненан маттах яздан.

Вед.1   Стихотворени «Ненан мотт» д1айоьшу Оспанов Муслима.

Вед.1  Вай дешархоша х1инца вайна гойтур ду Чеченарчу Мадин Жаьммирзин илли юкъара цуна йиши Альбикин васт

Вед.2  Чеченахь ц1е йолу и Мадин Жаьммирза

Жаьммирзин йиша и сийлахь Альбика,

К1ай нускал  дина цу Ростов ва г1ала

Шена йоссайе ма эли коьртачу инарлас.

Буьйсанна адамаш д1атийначул т1аьхьа

Дуьненна гуо лаьцна сийна х1орд санна,

Кхолха го ма лецира цу нана-Чечана.

1уьйранна суьпа нах г1овттучу цу хенахь,

Ламазна ара ма велира Сулима ва молла,

И 1уьйра ламаз ша сиха эцна,

Маьждиге вахара бах Сулима молла.

Яздина 1уьллуш ма карийра цунна

Цхьа бамбин к1ай кехат,

Маьждиган мимар чохь.

Схьаэцна хьаьжира, бах,

Сулима и молла кехатан букъа т1е.

Вед.1 Вай сцени т1е кхойкху Бангашева Эсет,__________ Индира

Вед.2 «Дада сан сий ду хьо».

Вед. 2 Цу хенахь дуьненан вокхачу яздархочо Л. Н. Толстойс нохчийн маттах лаьцна кху кепара аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Цо билгалдинарг мехала маь1на ду.

Вед. 1 Нохчийн меттан хазалла а, исбаьхьалла а гойтуш язйина вайн яздархоша а, поэташа а: Билал Саидовс, Абузар Айдамировс, М.Мамакаевс иштта д1а кхи а.

Вед.2 Сцени т1е кхойкху

Вед.1 «Аллах1у Акбар»

Вед.1 Дешархоша х1отто кечйина вайна Адин Сурхо илли юкъара кийсак

Вед.2  Къонаха мел вериг кхайкхина валийна,

Къонаха мел воцург кхайкхаза веана,

Цхьа юрт йиллира тов цу эла Мусоста.

Кхойкхуш т1ебалийра цо юьрта тхьамданаш.

Т1ехь йоцу  ясакх шайгара йийхича.

Хьаьвзина ма бахара цу юьрта тхьамданаш

Рузбанна диначу рузбанан маьждиге,

Дагабийла ма х1иттира и юрта тхьамданаш:

«Мусоста ма йийхира т1ехь йоцу ясакх,

Мила хира вара те Мусостан олалла дожо

Шайна дага ма веара царна Адин Сурхо

И веха ма бахара и винчу нене.

Вед.1 Устарханова Дагмана, Межидова Айшата локхур ю вайна «Нана ц1е йолу йиш.

Вед. 2  Хьоме бу нохчашна Ненан мотт а, вина мохк а, къоман 1адат а, г1иллакх а. Вайга х1ун я муха дийцалур дара б1е шо хьалха Иордане, Шеме, Хонкаре д1абахана хиллачу нохчаша ненан мотт бицбалийтина хиллехь. Матто кхуллу Даймохк а.

Вед.1    Х1инца вайна  Цагараева Джамиляс д1аэр ду илли «Даймохк».

Вед. 2 «Абубакар» ц1е йолу сурт х1оттор ду 5-7 класса дешархоша.

Вед. 1 Сулейманов Ахьмада аьлла: «Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш – Даймохккий, ненан моттий, халкъий.» Тахана а ду сийлахь а, деза и кхоъ – Даймохкий, моттий, къаммий-вовшех къасто йиш йоцуш. Ишта вай нахана оьшуш ю  оьздангалла а.

Вед.2  Къеначу лаьмнашций,

Ширачу хьаннашций,

Къамел дан йиш хилча,

Ц1ий лайнчу т1улгаший,

Т1ом гинчу пепнаший,

Ладоьг1ург велхавеш,

Хийла аз хазор дара!

Кхолламо дай, дедай

Х1етахь, ца хьистина

Вон хьоьгуш, диканах

Цара дог ца диллина.

Маьршачу нохчочо

Къиза ницкъ т1ет1е1арх,

Иэхье къурд аьлла дац,

Г1орасиз ша висарх!!

Вед.1 Ткъа х1инца оха шун тидаме дуьллу Дади Айбики васт.

Вед.2 «Доттаг1а» ц1е йолу йиш лакха сцени т1е кхойкху мехкарийн тоба.

Вед.2 Доггаха а, шен меттехь а аьлла дош ницкъ болуш ду. Цуьнан ницкъ бу цхьаъ бен воцу к1ант велла тийжаш йоьлхучу ненан дог хьаста, цуьнгахь г1ора ду г1айг1ано, сингаттамо хьаьшна, хеназа къежеллачу йишин юьхь екхаялийта. Цо, малхо баша  бо , буто бина ша санна, босту сингаттамо дагна бина шийла шад. Ницкъ бу цуьнгахь б1ешераш хьалха говзачу пхьераша куц хаза йоьттина б1аьвнаш херцо, йохо,  ата.

Вед. 1 Ненан метан ницкъах дуй бууш санна теша до вай Мамакаев Мохьмада: «… шен ненан мотт  халкъо сий ойбуш 1алашбахь,  цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц.»

Вед.2 Вай юха а сцени т1е кхойкху мехкарийн хелхаран тоба.

Вед. 1 Вайн дайн кица ду «Мотт бу-къам ду, мотт бац – къам дац.» Мотт, г1иллакх д1адаьлла халкъ, синош бен ца дуьссуш, мацах цкъа дара бохуш, д1адолу, доь  доцуш. Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац.

Вед.2   Арсанукаев «Весет».

Хазнашлахь хазна ю ненан мотт къома,

Ненан мотт мел беха къам дуьссу даха,

Ткъа нагахь, мотт шен лахь, къам лей д1адолу

Ненан мотт бицбинарг сийсазво наха.

Нохчийн мотт – и къоман синхазнийн хьоста

Ларбина къийсамехь массо а ханна

Раг1 х1инца хьогахь ю. Д1аэций хьаста

Ден весет кхочушде къонахчо санна

Ларбе мотт, хазбе и, ца еш ахь мало

Т1акха айхьа весет деш к1анте и д1ало.

Вед. 1 Нохчийн мотт, хьо бека биссалахь

Тахконза диссинчу аганна,

Ненан мотт, хьо хезчохь биссалахь.

Нана мел езачу беранна

Нохчийн мотт мел безачунна

Нохчийн мотт, хьо баха биссалахь

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

Вед.2 Кху хазчу тег1анахь оха дерзадо вай таханлере цхьанакхетар. 1а дика йойла шу, маьрша 1айла!