Дешархойн барта дозуш долу къамел кхиор.
статья (11 класс)
Дешархойн барта дозуш долу къамел кхиор.
Дозуш долу къамел кхиор литературан массо а урокашкахь д1адахьа деза: произведени йоьшуш а, чулацамах лаьцна къамел деш а, дагахь 1амош а, йозанан белхаш беш а. Хьехархочо цунна леррина кечам бан беза. Дешархойн къамел кхиоран 1алашо йолуш, шайца т1едиллар долу упражненеш кхочушйойту цаьрга. Программаша оцу балхана къастийначу сахьташкахь къамел кхиор жам1даран кепехь,1аминарг карладаккхарца т1еч1аг1деш д1адахьа деза.
Классашкахь къастийна йолу произведенеш 1амош хьехархочо хьалха ша йоьшу произвидени, васт а х1оттош. Ца кхеташ долчу дешнийн маь1на а досту. Цу т1е хьажийна хьехархочо шен д1адолоран къамелехь кхочушда тарло. Произведени йоьшуш, цунах лаьцна дуьххарлера ойла кхуьу,цундела коьрта 1алашо-оцу ойланехула нравственно-моральни т1е1аткъам барх хила еза. Произведени ешар тайп-тайпана хила тарло, цуьнан чулацаме хьаьжжина, х1орамма ша-ша а, т1едилларца а. Произведенеш 1амош лексико-фразеологически болх а бо.
Исбаьхьаллин литературан мотт мехала бу дешархойн къамел кхиорехь. Литературни произведенеш йоьшуш дешархой мотт нийса бийца 1ема, шайн ойла гучуйоккхуш, маь1ница дог1уш долу дешнаш дало 1ема, церан къамел шарло.
Дешархойн къамел кхиор литературан программийн лехамехь коьртачех цхьаъ ду. Оцу г1уллакхана лерина сахьташ а ду х1ора классехь билгалдаьхна, къамел кхиорехь пайдехьа болу белхаш а бу къастийна. Хьехархочо, программийн лехамашна т1е а доьг1на, дешаран шеран юьххьехь хьесап до дешархойн къамел кхиорехь бан безачу белхан.Цхьацца йолчу школашкахь хаало хьехархочунна дешархойн йозанан къамел кхиоран г1айг1а ша бичахьана шен декхарш кхочушхуьлу моьттуш хилар. Амма йозанан къамел кхиоре хьажийна болу белхаш бина 1а ца веза хьехархо, цунна т1ехь ду дешархойн барта а, йозанан а къамел кхиор. Школа чекхйоккхуш волу дешархо шен ойланехь дерг нийса схьаала хууш тисса а ца луш къамел дан хууш хила веза.
Шорта а, хаза а болчу ненан маттах пайдаэца 1амаво школехь дешархо. Маттаца бен хуьлуш дац адамаша вовшашка шайн ойланаш хаийтар, аьлча а адамийн уьйраш. М. И. Калинина баьхна: «Ненан меттан къамел 1амор – иза сийлахь доккха г1уллакх ду. Адамийн ойланан уггаре а лакхара кхиамаш , уггаре а к1оргера хаарш, уггаре а йовха дог-ойланаш адамашна билгал йоцуш юьсур ю, нагахь уьш дешнашкахь кхетачу а, нийсачу а кепехь нисйина яцахь. Мотт – иза ойла билгалъяран г1ирс бу ». Адамийн меттан иштта лаккхара маь1на дуйла хууш вовшахтуху дешархойн къамел кхиоран болх.
Нохчийн тоьллачу яздархойн Бадуев Саь1идан, Мамакаев 1арбин, Мамакаев Мохьмадан кхечеран а произведенийн мотт чулацаме а, лаккхара исбаьхьалла а шеца йолуш а бу.Иза нохчийн литературни меттан масала хилла лаьтташ бу. Исбаьхьаллин произведенеш 1амош царех к1орггера пайдаэца беза дешархойн барта а, йозанан а къамел кхиорхьама.
Исбаьхьаллин произведени урокехь ешаро а, талларо а доккха г1уллакх до дешархойн къамел кхиорехь. Произведени къастош йоьшу, цуьнан план х1оттайо , чулацам юха схьабуьйцу, оцу произведенех лаьцна шайна хьалха х1иттийнчу хаттаршна барта а, йозанца а жоьпаш ло дешархоша. 1амош йолчу произведенин суртх1отторан а, васткхолларан а меттан г1ирсаш билгалбохуш толлу.
Хьехархочо урокехь ша деш долу къамел нийса а, хаза а хуьлуьйту – иза дешархошна масала ду.
Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Ненан меттан суртх1отторан г1ирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш йовзийтар, цу мехалчу хазнех пайдаэца дешархой 1амор нийса кхочушдан деза. Цуьнца цхьаьна ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош,маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг-нийсий,говзий.
Х1ора дакъа, х1ора тема 1аморо дешархошна ойлаярна а, кхетарна а, къамел кхиорна а г1о дан декхар ду.
Ненан меттан урокашкахь къамел кхиор кхаа некъаца кхочушдеш хила деза. Уьш вовшех дозуш а, цхьа 1алашо кхочушъеш а ду.
Къамел кхиаран хьалхара некъ бу нохчийн литературан меттан норманаш 1амор, караерзор: литературни нийса аларан (орфоэпии) а, дошкхолладаларан а, дешнийн форманаш кхоллаяларан а, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш х1итторан а норманаш 1амор, караерзор; къамелан дакъойн, синтаксически конструкцийн стилистически таронех пайдаэцар. Программни материалаш йовзийтаран, 1аморан, караерзоран г1оьнца дешархой 1амо беза нохчийн литературни меттан фонетически а, пунктуационни а, стилистически а норманаш йовза а, караерзо а, ларъя а. Ткъа синонимика стилистикан бух бу. Синонимийн мехалла сов йоккха ю, х1унда аьлча меттан хазна совъяккхарехь а, бартбан а, йозанан а къамел кхиорехь а, къамелан оьздангалла лакхаяккхарехь а йоккха меттиг д1алоцу цара.
Къамел кхиоран шолг1а некъ лору дешархойн къамелехь дешнийн хазна алсамъяккхаран а, меттан грамматически д1ах1оттаман а хаарш кхиор, к1аргдар. Ненан меттан урокашкахь дешархойн дешнийн хазна алсамъяккхар кхочушдо тайп-тайпана упражненеш ярций, изложенеш, сочиненеш язъярций, саццаза дешнийн маь1наш къестош, довзуьйтуш бечу балхаций, омонимаш, синонимаш, антонимаш, эпитеташ харжарций.
Вайна ма-хаъара, мотт адамийн дахаран а юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман, хьекъалан а, 1илманан а, культуран а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Юкъараллин дахаран маь1нашка диллича, мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а г1ирс бу.
Къамел кхиоран кхоалг1а некъ ларало бартан а, йозанан а къамелехь дешархой шайн ойланаш хьалха-т1аьхьа нийсий, кхетамей, вовшашца йозушший йийца а, язъян а 1амор. Дозуш долу къамел кхиорехь бан безаш болу белхаш бу: дийцаран чулацамна а, дешнаш маь1нашца нийса харжарна а, предложенеш х1итторна т1ехь къахьегар, цу декъехь оьшуш долу тайп-тайпана шардарш кхочуш дар, изложенеш, сочиненеш язъярна кечам бар, оьшучу кепара план х1оттор. Цу г1уллакхна оьшу тема харжар, иза талла хаар, цуьнан чулацаман доза къасто а, коьрта ойла билгаъян а, план х1отто а хаар. Цу дерригенца а цхьаьнайог1уш материал нисъяр, язйийриг хила езачу барамехь кхочушйина д1ах1оттор оьшу.
Изложенина текст а, сочиненина тема а харжарехь хьехархочунна хаа деза уьш ислам-динца дог1уш а,эстетически а, г1иллакх-амалийн а, хьаналчу къинхьегаман а кхетамца кхетош-кхиорна оьшучу кепара хилийтар.
Дешархойн барта дозуш долу къамел кхиор литературан а, меттан а урокашкахь цхьана хорша а дерзийна, хаддаза эвсараллин некъаш а лохуш, кхочушдан дезаш г1уллакх ду.
Коьрта долчу декъана иштта ю сан нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш хьалха лаьтта 1алашонаш а, декхарш а.
Скачать:
| Вложение | Размер |
|---|---|
| 21.97 КБ |
Предварительный просмотр:

По теме: методические разработки, презентации и конспекты

Презентация.Жизнь и творчество Агнии Барто.
Презентация доклада ученик 5 класса о жизни и творчестве русской поэтессы Агнии Барто....

"Массовая доля растворенного вещества. Определение массовой доли растворенного вещества в растворе."
Технологическая карта урока на тему "Массовая доля растворенного вещества. Определение массовой доли растворенного вещества в растворе"Автор УМК И.И. Новошинский, Н.С. Новошинская...

Доли. Образование и сравнение долей
Конспект урока предназначен для изучения нового материала по теме Доли в 3 классе по программе "школа россии"...
Долу болгаш долу эвес домактар
Долу болгаш долу эвес домактар...

Массовая доля химического элемента в со-единении. Вычисление массовой доли х.э. в соединении. Установление простейшей формулы вещества по массовым долям элементов.
Массовая доля химического элемента в соединении. Вычисление массовой доли х.э. в соединении. Установление простейшей формулы вещества по массовым долям элементов....
Презентация-разработка Открытый урок по химии "Массовая доля элемента в веществе и массовая доля вещества в растворе"
Открытый урок по химии "Массова доля элемента в веществе и массовая доля вещества в растворе...
Раздаточный материал "Алгоритмы решения задач для 7 класса (нахождение относительной молекулярной массы, массовой доли, отношения масс элементов, формулы вещества по известным массовым долям элементов)
Подробно и достаточно кратко описывается алгоритм решения задач по теме "Математика в химии" учебника для 7 класса О.С. Габриеляна...